Ташу-Хьаьжина вирд

 


«Ас нигат до, сан устазо Воккхачу Хьаьжас сайна т1едиллина вирд даккха, Делан дуьхьа, Аллах1у Акбар».

           3-зза шах1адат далор ду;
          15-зза Астаг1фируллох1 эр ду;
          100-зза ЛаилахIа иллаллахьу эр ду;
          11-зза Къулх1а доьшур ду;
          10-зза Пайхамарна салават дуьллур ду.

 



Вирд даккхаран мела д1абалар:

«Ас далийначу шах1адатан, аьллачу Астаг1фируллох1ан, динчу зуькаран, дешначу Къулх1анийн, диллинчу салаватан мела ло Ахьа суна. Айха суна беллехь, Делан Элчане (Делера салам-салават хуьлда цунна) кхачабе Ахьа, Делан Элчанан (Делера салам-салават хуьлда цунна) карахула сан устазе Воккхачу Хьаьжега кхачабе Ахьа, Воккхачу Хьаьжин устазе кхачабе Ахьа. Бала безачу бала а, кхачо безачу кхачо а, Воккха Хьаьжа, Хьо да вина, Хьоьга бели ас». Т1аккха, Пайхамарна салават диллина, Фатихьат доьшур ду. 
Нагахь санна вирд 1уьйрана цхьаьний даккхахь, 3-зза шах1адат далийна, 15-зза Астаг1фируллох1, 500-зза ЛаилахIа иллаллахьу аьлла, 11-зза Къулх1а дешна, 10-зза Пайхамарна салават диллина, мела цхьаьний д1алур бу.



 

Подробнее ... 0

Важно

Мы Вконтакте.Ру

Ислам

© 2012 Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ.
При использовании материалов сайта, гиперссылка на сайт «serdce-chechni.ru» обязательна.

.