Г1урбана урс хьакха мегаш долу хьайбанаш

1) Эмкал;

2) Бежана;

3) Уьстаг1;

4) Газа.

 

 

Г1урбана юьйш йолу эмкал пхи шо кхаьчна, бежана, газа – ши шо кхаьчна, уьстаг1 – цхьа шо кхаьчна хила безаш бу. Эмкал, бежана ворх1анна т1ера ден мегар ду. Нагахь уьстаг1 шо кхаьчна бацахь, амма хьалхара цергаш охьаэгна белахь, иза г1урбана урс хьакха мегаш бу. Абу Х1урайрата (Дела реза хуьлда цунна) элира, шена Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) олуш хезира, аьлла: «Г1урбана урс хьокхуш болчу уьстаг1ах диканиг – иза шен хьалхара церг охьайожнарг бу». Ахьмада дийцина хьадис.                                                                                   

  Г1урбана урс хьокхуш долу хьайба жижигана эшам беш долчу сакхтах маьрша хила деза. Б1аьрг баьлларг, астаг1аниг, гирз даьлларг, т1ех г1ийла берг, лерг доцург мегар бац г1урбана. Амма лергана 1уьрг даьккхина, я к1еззиг лерг хадийна хилча, г1урбана мегаш бу и. 1азибан к1анта Барраа (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира, аьлла: «Диъ х1уманах цхьаъ шеца долу хьайба г1урбана мегар дац: б1аьрг баьлларг я б1аьрзе берг, шен б1аьрзе хилар билгала долуш; цомгаш берг, шен цомгаш хилар билгала долуш; цхьа ког боцург я астаг1а берг, шен астаг1а хилар билгала долуш; г1ийла-оза берг, шен т1ум йоцуш».  Тирмизис дийцина хьадис.

  Х1ара сакхташ санна лоруш ду церан жижиг эшош долу кхидолу сакхташ а. Урс хьокхуш волчунна нигат дар важиб ду, ша урс хьакхар деза а ду цунна. Нагахь ша и хууш вацахь, цо векал ван мегар ду урс хьакха хууш верг.

Оставить комментарий


Важно

Мы Вконтакте.Ру


Ислам

© 2012 Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ.
При использовании материалов сайта, гиперссылка на сайт «serdce-chechni.ru» обязательна.

Яндекс.Метрика