Г1урбана урс хьакхаран, 1ийдан де

Г1урба бохург – 1ийдан дийнахь, я цул т1аьхьа дог1учу кхаа дийнахь Далла герга хиларан нигатца эмкална, я бежанна, я уьстаг1на, я газанна урс хьакхар ду. Лекха хилла волчу Дала аьлла: «Хьайн Далла ламаз де ахь, т1аккха г1урбана урс хьакха». «Аль-Ковсар» сурат, 2-г1а аят. Х1окху аятехь Дала омра дарца билгалдина, 1ийдан ламаз динчул т1аьхьа бен г1урбана урс хьакхар нийса ца хилар.

1ийдан де бусалба нехан дезде ду. Абу Х1урайрата (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира, аьлла: «Шайн 1ийдан денош «Аллах1у Акбар» бахарца хазде аш». Т1абранис дийцина хьадис.Ибрах1ийм-пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) суннат дендар а, къен-миска 1аш болчу нахана саг1ина жижиг даларца шорто яр, царна хазахетийтар а ду иза.

Асхьабаша хаьттира Делан Элчане (Делера салам-маршалла хуьлда цунна): «Х1ай Делан Элча, г1урбанаш бохург х1ун ду?» Цуо жоп делира: «Шун ден Ибрах1иман суннат ду». И суннат лелийча шайна х1ун мел хир бу, хаьттира асхьабаша. Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира: «Оцу г1урбанан х1ора чонан ц1арах дика яздийр ду шуна». Асхьабаша юха а хаьттира: «Ткъа т1арг1а?»Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира: «Оцу т1арг1ан х1ора чонаца дика яздийр ду шуна». Хьакима дийцина хьадис.

Оставить комментарий


Важно

Мы Вконтакте.Ру


Ислам

© 2012 Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ.
При использовании материалов сайта, гиперссылка на сайт «serdce-chechni.ru» обязательна.

Яндекс.Метрика